проект «urok95.ru»

12.07.2019

«ХЬЕХАРХОЧО КХУЛЛУ КЪАМ!»А.-Хь. А. КАДЫРОВНохчийн Республикин ХЬАЛХАРЧУ ПРЕЗИДЕНТА, РОССИН ТУРПАЛХОЧО IАБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАД-ХЬАЬЖАС (ДАЛА ГIАЗОТ КЪОБАЛДОЙЛА ЦУЬНАН!) нохчийн мотт 1алашбар а, кхиор а боккхачу тидамехь латтадора. Цо олура: «Бер жимчохь дуьйна 1амо деза нохчийн мотт беза а, и ц1ена бийца а. Халкъ дийна ду, цуьнан мотт мел беха. Вайн ч1ог1а ларам хила беза нохчийн маттаца. Цхьана а кхечу маттахь йийцалур яц, нохчийн маттахь санна, вайн къоман г1иллакхийн, ламастийн хазалла. Нохчийн мотт, баккхийчара кегийчаьрга д1а а луш, бехар бу х1ара дуьне мел лаьтта". Вайн махкахь дезде хилла д1ах1оьттина ду НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА шен омрица д1акхайкхина долу х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь даздеш долу Нохчийн меттан де. ДЕЛА реза хуьлда цунна и де билгалдаккхарца деза совг1ат къомана дарна.Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствос республикин КУЬЙГАЛХОЧО т1едилларца кхоьллина ю нохчийн меттан видео-урокаш гайтаран проект «urok95.ru». Интернет-портал болх бан йолаелла 2014-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна сайт т1е нохчийн мотт хьехаран 800 гергга видео-урок х1оттийна. Оцу барамехь болх нохчийн меттан литературин хьокъехь бан лерина а бу. Кхачам болуш ненан мотт 1аморехь «urok95.ru» проектах шаьш боккха пайда оьцуш хиларх тоьшалла до хьехархоша а, 1 – 11 классийн дешархоша а. Интернет-порталан белхаш оьшуш а, пайдехь а хиларан билгало ю иза.ДАЛА тIаьхье беркате йойла!