Год Чеченского языка.

29.04.2023
Вайна хууш ма-хиллара 2023шо-Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен омрица дIакхайкина Россин Турпалхочо, Нохчийн пачхьалкхан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад -Хьаьжин Рамзана . Доккха беркат а, ниIмат а ду нохчийн маттана цо шен терго йар. Цу тIе а доьгIна ,республикехь дIахьош ду цхьаьнакхетарш, семинараш, поэзина лерина суьйренаш. Иштта оханан беттан 27чу дийнахь Грозный -ГIалин Кааев Хьасанан цIарах йолчу 54 ишколехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Хаджимурадов Мадин Рукъията а, Хасаров Ша1ранин Рамзана а дIайаьхьира "Хьанна хIун хаьа?" цIе йолу Брейн-Ринг. Цу Брейн-Рингехь дакъалецира 9-11 чу классийн дешархоша.Шайн къоман мотт а, истори а, литература а мехала хилар, йезаш хилар гайтира дешархоша . Директоран гIоьнча йолчу Хаюрин Исмаилан Баяната шен къамелехь билгалдаьккхира. Со тешна йу, иштта хьехархой а, дешархой а мел бу, нохчийн мотт дIатесна буьтур цахилар. Вешан меттан а, мехкан а хазна хазйарехь Аллах1-Дала аьтто бойла вайн!