Год Чеченского языка.

28.04.2023
2023 шо-Нохчийн меттан шо ду аьлла, шен омрица дIакхайкина Россин Турпалхочо, Мехк-Дас Кадыров Ахьмад -Хьаьжин Рамзана. Цу т1е а доьгIна , Соьлжа-ГIалин Кааев Хьасанан цIарах йолчу 54 ишколан нохчийн меттан а литературин а хьехархочо Зайлиханов Iелин Заирас 5"Д" классехь Бексултанов Мусан "Некълацар" ц1е йолу йиллина урок. Дешархоша тобанашка бекъа а белла , жигара дакъалоцуш , д1айаьхьира урок.Цара шайн къамелехь дийцира къоман оьздачу ламастех лаьцна, иштта сийсаздира вайн къомаца ца дог1у г1иллакхаш. Нохчийн мотт г1иллакхан мотт бу. Шен меттан хазна кхиочу махкахь дебаш ду оьзда г1иллакхаш. Т1екхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь мехала дакъа лоцу г1иллакхо. Шен къамелехь хьехархочо Зайлиханов Iелин Заирас т1еч1аг1дира, г1иллакхаш ширлуш дац, йа шелонехь г1орош дац.цара латтош йу адамашна йуккъара марзо аьлла. Бакъду-кх иза, нохчийн къам кхечу къаьмнех къасториг цуьнан хаза г1иллакхаш ду. Ишттачу хьехархоша дебош ду вайна йукъара г1иллакхаш. Урок йерзош хьехархочунна а, дешархошна а баркалла олуш, йистхилира Директоран г1оьнча Ахмаев Билалан Асет а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Хаджимурадов Мадин Рукъият а. Цара шайн къамелехь билгалдаьккхира , иштта къоман г1иллакхаш, ламасташ девзаш а, дезаш а долу бераш мел ду , вайн кхане ирсе хир йу аьлла. АллахI-Дала аьтто бойла вайн!