Олимпиада в ЧГПУ.

21.02.2023
Чиллин беттан 18-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIайаьхьира Къилбаседа-Малхбалехьара дешархойн нохчийн меттан а, литературин а олимпиада. Цигахь жигара дакъалецира Грозный -ГIалин "Кааев Хьасанан цIарах йолчу йуккъера йукъардешаран /54 йолчу ишколан дешархоша : 1.Татарханова Хадижат 9"А"класс 2.Рашидова Мадина 9"В"класс 3.Мовлатова Танзила 11"Б" класс 4.Саидова Медина 11"Б"класс Шен ненан маттах доьзна ду халкъан дахар , цо латтош йу адамашна йукъахь марзо. Де-дийне мел долу, меттан хазна алсамйолийла вайн махкахь! Вай тешна ду Дала мукълахь,толаман меттигаш вайн дешархоша бохург хиларх. Дала аьтто бойла шун!