Год Чеченского языка.

20.02.2023
Вайна ма-хаъара 2023 шо-Нохчийн меттан шо ду аьлла , шен омрица дIакхайкхина Россин Турпалхочо , Нохчийн Мехк-Дас Ахьмад -Хьаьжин Рамзана .ЧIогIа мехала гIуллакх ду, шен терго нохчийн маттана тIейерзор.Матто латтош ду къоман гIиллакх,цунах йоьзна йу вайн кхане. Нохчийн матте йолу марзо алсамйоккхуш , ишколашкахь , белхан хьукматашкахь, берийн бошмашкахь дIахьош йу могIара мероприятиш, семинараш. Ишттачу даздаршкахь йуьстах ца лаьттира Грозный-ГIалин"Кааев Хьасанан цIарах йолу йуккъера йукъардешаран ишкол 54" Чиллин беттан 16-чу дийнахь маттана лерина "Нохчийн мотт-Халкъан орам" цIе йолу мероприяти дIайаьхьира йуьхьанцарчу " 3 "Г" классан хьехархочо Ферзаули Вахьидан Жарадата. Дешархоша самукъадуьйлуш, йоьшура нохчийн классикийн байташ.Шайна тIерачу нохчийн халкъан духаршца, гайтинчу хелхаршца , лекхначу эшаршца , лаккхарчу тIегIан тIехь дIайаьхьира мероприяти. Цхьаьнакхетар дерзош хьехархочунна а , дешархошна а баркалла олуш бистхилира:директор Берсанов Iумаран Мадина а, завуч Хаюрин Исмаилан Баянат а , нохчийн меттан а , литературин хьехархо Хасаров ШаIранин Рамзан а, Хаджимуратов Мадин Рукъият а. Цара шайн къамелехь билгалдаьккхира,шайн мотт цахаар дакъазалла хилар.Вайх хIора а декхарийлахь ву вешан мотт хаа а , беза а. Мотт дIатесча , гIиллакхаш херадовлу , дахар тишло. Аллах1-Дала вешан меттан хазна ларйарехь, Iалашйарехь аьтто бойла вайн!