1 место в конкурсе "Хаарийн б1ов" на канале ЧГТРК "ГРОЗНЫЙ ".
11.04.2021
1 место# ЧГТРК "Грозный" каналехь "Хаарийн б1ов" ц1е йолчу къовсамехь 1-ра меттиг баьккхира тхан дешархоша. ДАЛА т1аьхье беркате йойла! Х1ора а къоман Аллах1а делла совг1ат ду ,цуьнан мотт .Зама д1аэхарца баккхийчеран тидамза дисина дешнаш ширло,дов ,д1адовлу юккъера. Меттан хазна йан ца йайта,т1екхуьу чкъор мотт нийса бийцарехь гал ца далийта, къахьега деза х1ора хьехархочо. Муса Ахмадовс а, Алиева Заринас а д1ахьош йолу передача"Хаарийн б1ов" а, и тайпа кхин долу ловзарш а ч1ог1а мехала ду мотт кхиорехь. Карахь йолчу заманахь оьрсийн,нохчийн мотт иэбеш буьйцучарна т1е1аткъам бийр бу аьлла хета цу тайпа бечу балхо. Дала аьтто бойла массеран а! Вайн мотт кхиош къахьоьгуш мел волчун Дала хьуьнар ,доьналла ,могашалла лойла!