День чеченского языка.
25.04.2016Тахана вай билгалдоккхуш ду къоман уггаре а коьртачух долу даздар - Нохчийн меттан де! Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьош республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана а мотт кхиийта мел оьшу хьал а кхоьллина Нохчийчохь, цуьнан т1едожорца х1оттийна нохчийн мотт а, йоза а кхиорна программа ю. Шен мотт ца хууш долу къам кхане йоцуш ду. Вайх х1ораннан а декхар ду нохчийн мотт ларбан, кхион, т1екхуьучу чкъурана иза 1алашбан.