Конкурс МОиН 95

09.06.2020

Конкурс лучшие качества чеченского языка и чеченской литературы.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос «Нохчийн меттан а, литературин а тоьлла Ӏаматаш» аьлла конкурс дӀакхайкхийна. Конкурсан коьрта Ӏалашо йу нохчийн меттан декъехь кхачамболлуш, хӀинцалерчу заманан лехамашца йогӀуш йолу дешаран-методикин комплексаш кхоллийтар.Къовсам шина номинацехь дӀахьуш бу: Нохчийн мотт: 1) 1-4 классаш; 2) 5-9 классаш; 3) 10-11 классаш.Нохчийн литература: 1) 1-4 классаш; 2) 5-9 классаш; 3) 10-11 классаш.Конкурсехь дакъалаца Ӏаматийн авторша шайн белхаш 2020 шеран декабран 16 де тӀекхачале iamat2021@gmail.com адрес тӀе дӀатаса йиеза. Конкурсан балха йукъа йоьду Ӏамат, белхан тептар, методикин гӀо-Ӏамат, белхан программа, планаш, электронан йуххедиллар. Къовсам йуккъехь дакъалаца хьеннан а бакъо йу.ЖамӀаш Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос вовшахтоьхначу кхеташоно 2021-чу шеран мартан 1-чу дийне кхачале дийр ду. Толамхошна дан лерина ахчанан совгӀаташ ду.Конкурсан хьокъехь кехаташ а, герггара программаш кхузахь схьаиэца аьтто бу: http://umhiyai.ru/440-konkurs-nokhchijn-mettan-a-literaturin-a-tolla-amatash Контакташ: e-mail: iamat2021@gmail.comТел.: 8 (8712) 29-26-44; 8 (928) 017-51-03.