25-г1а апрель – Ненан меттан деза де
25.04.2020Вайн ненан мотт- иза нохчийн мотт бу. Тайп- тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлерниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара. 25-г1а апрель – Ненан меттан деза де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша. Вайн массеран ц1арах Дела реза хуьлда царна! Дала ницкъ лойла вайна ненан мотт оьшучу барамехь караберзо!